- Ва хьо ганза
1. И хьан б1аьргаш хаза дайна
Са б1аьрги нур сирла даьлла
И хьан лелар хаза делла
Кийрара дог ловза даьлла.
Ва хьо ганза елара со Дош аланза велара хьо.
Аз хазанза елара со
Са дагчуьра д1а ца волу (2р)
- Д1аг1ур ю со
I.
Хьоьх яьлча х1ун дер ас, са ма гаттдехьа
Со саннарг караъяй, и 1еха ехьа
Ахь кхин сан 1еха дан дог дисна дац
Ахь сайга дийцинарг, хилла и г1ан
Хьан хазчу б1аьргаша 1ехийра со
Уггаре диканиг хийтира хьо
Массаьрца къоьвсина яьккхира ахь со
- Дада
1 куплет:
Дуьненах бода беш, еара суьйре,
Ц1еначу ойлани, хадаеш кхане,
Ма дасса ди ахь, х1ар мяьлха дуьне,
Хьо везаш эшначу маьрза доьзална.
Припев:
Дависарг, 1ожалла, ка тоха сих ели,
Лахьтане верзий ахь, сан хьоме Дада
- Деги везар
Ала соьга деги везар, ц1ена дагар хьайн,
Хьайн безамах кхинаг хьегош муха лела хьо
Вехар ю со х1о дуьнент1ехь безамах хьоьгуш.
Хьо лелахьа деги везар соьха воьлуш ( 2 раза )
II.
Х1ара 1уьйренаш, х1ара суьйренаш хьуна елир ас
Х1ора дог1у керла денош хьуна делир ас.
Ай са локху керла эшар хьуна локху ас,
- Мансур
I.
Стиглара нур лепаш хьан седа чубуьйжи
Шецана Мансуран дахар цо д1адаьхьи
Стигланан 1аьршашкахь буьйсанан т1къес туьйхи
Суьйранна буьзна малх кхи цунна ца кхийти
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
- Теркаца суьйре
Теркаца суьйре ю хаза еъна,
Жима к1ант хин йисте йо1 ган веъна,
Безамо шен кийра ц1е латийна.
Исбаьхьчу аматах лаам хьегош,
Лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош,
Шен даго хьулдинарг к1антех лечкъош.
Исбаьхьчу аматах лаам хьегош,
Лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош,
- Хьо везавелира
I. Хьо везавелира хьомениг суна
Хьоьга сайн дагара ца лечкъош дуьйцу
Моттара карийна сайн ирс ду суна
Амма со хиллера хьоьх 1ехаелла ( 2 раза )
II. Нийсарша алара соьга хьо вита
Амма сан даго и т1е ца лацара
Сан дог а дара ша безамах дуьзна