- Безаман туьйра
Со еза бохуш соьга мерза дуьйцуш,
Безам хьай балхош сан корта хьийзош,
Ахь хаза дийцина безаман туьйра,
Дисира г1ан хилла ломан кийрахь.
Со-м йиси х1инца Теркала сехьа,
Хьо ма виси х1инца Теркала дехьа,
Вайшиъ ши а даьхначу юьртахь,
- Доьлху дог
I. Хьан аз дац хезаш, вац хьо гучу волуш
Сан дог ша деттало, маьхьарца кхойкхуш.
Хьом юха верзале, сатуьйсуш доьлху дог
Ма белхабе сан дог1анах ши б1аьриг.
Припев:
Со хьаьнца хийцина, вели хьо гена,
Х1ун аьлла йина те хьуна ас вас?
- Жима дог
I. Хаза еъна б1аьсте вайна
Сирла кхетта можа малх
Цу мохо ша г1аш ду ловзош
Г1ийла вовше шабарш деш
Хьо ца вог1уш зама яг1ахь
До къамеле, дуьйлу са
Мичахь лела те сан безам
Бохуш соьга хоьтту цо
- хьомениг сан хьоменарг
Сирла седа суна го, цо шен безам кхийдабо,
Къона ойла хьийзайо, сан даго и къобал йо.
Хьомениг сан, хьомениг дийнахь кхетта малх хьо бу,
Буса кхетта бетта сур, хьо сан дагна везаш ву.
Дуьне къегина ма ду, кху дуьненчохь хьо мел ву,
Кху дуьненчохь хьо мел ву, буьйса 1аьржа хьунда ю.
- хьомениг, са хьоменаг
Сирла седа суна го,
цо ше безам к1хида бо.,
к1она ойла хийза йо,
Сан даго и к1обал йо.
к1она ойла хийза йо,
Сан даго и к1обал йо.
Хьомениг са хьоменарг
- Хьоха яла реза яц
1уьйре йита реза, сюйре йита реза ю,
дуьне дита реза ю, хьоха яла реза яц.
Маьлха нур ду хьох тера,
бетта са ду хьох тера,
седарчий ду хьох тера,
декъала хила хьо.
- Шовда
Куплет 1
Суна хьо везавелла.
Хъинца сай дог дъадоьлуш хьуна.
Сай дахар лепарг ву хьо
Шовда ша санна шийла догьу
Са мукъа хьойа долу.
Даго бе хьо ца лору.
Шовда ша санна шийла догьу