Вигахьа, нана, соХьайцана хIаьжкIашна асара
Вигахьа, нана, со кхин цкъа а...
Вигахьа, нана,со, вигахьа,
ГIаттавай Iуьйренан малхаца,
Массо а хаза гIан хададай,
Берзинчу когашца бацалахь
Iуьйренан тхи дожош ,вигахьа,
Наб йогIу, бахарх,ма витахьа...
ГуьйреГ1арг1улеш д1аоьху, делхадеш вайн вовшех къастар,
Безаман мажделла г1а оьгу шийлачу кийра.
Кхин цхьа а х1ума дац ойлане сан б1аьргаш хьаста.
Къанло со, къежло со, доттаг1а, ишттачу дийнахь.
Ойлане т1ейог1у кху нохчийн ярташкахь гуьйре,
Гергара, генара ладоьг1у, сатуьйсу зама.
Долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра,
Нена сий дешСан нана, хьол хаза, хьол деза дуьненчохь х1умма а дуй?
Мать моя, есть ли красивей тебя и дороже на свете?
Хьан сий деш вала ву реза, тешаеш ца баарх дуй.
Я жизнь готов отдать за честь твою, хоть и не клялся в этом никогда.
Хьешана мерза пхьор х1иттош хила хьайн хьийза до са.
Гостю ужин готовишь, заботясь о нем.
Ца лела цабезам г1иттош, я хьайна ца лоьху са.
Не держишь зла у себя в сердце, и не ищешь выгоды для себя.